От Совета Европы ждут ответа
За фасадом большой политики
Напутственная пощечина
Подвиг Сусанина в ущелье Минутка
 
 
  ENG RUSS
   РАЗДЕЛЫ
   ГЛАВНАЯ
   АНАЛИТИКА
   ПРЕССА
   ИСТОРИЯ/ТРАДИЦИИ
   ДИАСПОРА
   ФОРУМ
   КАТАЛОГ ССЫЛОК
   ОБРАТНАЯ СВЯЗЬ
   АРХИВ
   РУКОВОДСТВО
   ПРЕЗИДЕНТ
   ПРАВИТЕЛЬСТВО
   ПАРЛАМЕНТ
   ГКО МШ ЧРИ
   ИЧКЕРИЯ
   КОНСТИТУЦИЯ
   ГИМН
   ГЕРБ И ФЛАГ
   КАРТЫ
   ВИДЕО / ФОТО
   ЗЕРКАЛА САЙТА
   chechenpress.info
   chechenpress.net
   chechenpress.org
   ВРЕМЯ НАМАЗА
г.Джохар
 Дата: 25.07.2008
 Восход: 3.15
 Солнце: 5.33
 Полдень: 13.13
 Предвеч.: 17.14
 Вечер.: 20.34
 Ночной: 22.33
 Къибла: 13.29

Вадим Белоцерковский

Ясность в рядах Чеченского Сопротивления

  РАЗДЕЛ "АНАЛИТИКА"
   

Нохчийн Парламентера хаам

CHECHENPRESS, Отдел официальной информации, 23.11.07.

 

Бисмиллах1иррахьманиррахьим!

Ассаламу-1алайкум лераме махкахой!

Кху карарчу хенахь тхуна, Нохчийн Парламентан декъахошна т1екхоьхьу цхьацца хьехамаш, дехараш, кхийламаш. И мел долу хабараш ишта я вуьшта, доьзна ду, вайн паччхьалкхан лакхарчу 1едалахь хуьлучу хийцамех лаьцна. Масала, уггаре а ч1ог1а тхьоьга хьехочохь ду, шайна юккъера цакхетамаш д1а а баьхна, юха а, масла1ате хила цамега шу бохург а.

Оха доьху, тхайга цу т1ехь нийса кхетар. Тхо цхьанцца а масла1ате довла, цаьрца тхан юкъаметтигаш бахьана долуш эг1на дац. Ткъа балхаца доьзна долу масла1аташ цаьрца дан, бакъо йолуш а дац тхо, нагахь и масла1ат вайн паччхьалкхан низамна т1ехь лаьтташ дацахь.

Цул а совнаха, тхо, нохчийн Парламентан депутаташ хиларе терра, тхуна т1ехь декхар ду нохчийн паччхьалкхан 1едал а, низам а дохадан г1ерташ верг, цу 1едалан даржехь волу муьлха а стаг халкъана д1акхайкхо а, балхара воха ван а, иза шегара даьллачу г1алатна барт-хаттаме озавайта а. Вайн паччхьалкхан Низам – вайн къоман юккъара масла1ат ду. Иза хаа деза вайн 1едалахь даржашкахь болучарна а, боцучарна а, массарна а цхьатерра.
Ткъа вайна х1оранна гина а, ишта вайха волчо х1ораммо лайна а ду, цхьаболчу 1едалан векалшна а, нохчийн 1едална муьт1ахь цахиллачу тобанашна а, цу тайпа, паччхьалкхан низмехь доцу, масла1аташ дан долийча хилларг.

Х1окху иттех шарахь, цаьрца мел къийсарх а, тахана санна-м, тхан аьтто баьлла бацара, и санна долу церан "масла1аташ" совцадан.

Тхан кхиамаш ц1у т1ехь к1езга хилар бахьанна дара, цаьргахь массо а аг1ора, дуккха яккхий таронаш хилар а, цараха цхьаберш, 1едалан балхахь хилар а. Амма уггаре а коьртаниг, уьш халкъана х1етахь шаьш ма барра цабовзар дара. Ткъа тахана мукъане а, оха, вайн паччхьалкхан меженаш шайн-шайн хорша д1а ца нисъяхь, тхо Далла хьалха бехке а, нохчийн къомана ямарт а хуьлу. Цундела, тхоьга масла1атех лаьцна хабарш дуьйцурш, тхох цу т1ехь нийса кхета беза аьлла хета. Къаьсттина иза дог1у Абу-Бакр Аьрсбина а. Вуьшта вийцича, нохчийн политик-1илманча а волчу, Абумуслимов Сайд-Хьасанна а.

Тхоьга луш долучу хаттаршна юккъехь алсам дуьйлуш кхин цхьа хаттар а ду.

Иза, мила го шуна Нохчийн паччахьалкхан лакхарчу даржехь хьалха татта мегар волу стаг бохург ду.

Цкъачунна, цу хаттарна жоп луш цхьанна а ц1ераш нахала цайоху оха. Делахь а, цу стеган хила езаш йолу корматаллийн билгалонаш ала луур ду. Иза, вайн динан 1илманах а, дуьненан юккъерачу политикан 1илманах а, дика кхеташ стаг хила веза. Цуьнан коьрта 1алашо; Нохчийн Ц1а бертахь латтор, Нохчийн къам зуламах 1алашдар, Нохчийн хьежамашца, вайн паччахьалкхана т1ехь урхалла дар ду. Доцца аьлча, цу стеган кийрахь дерг, "Нохчийн къоман дог" хила деза. Вайн къоман ойланца а, баланца а, г1айг1анца а ша дуьзна а долуш.

Тхоьга луш долучаьрца, къаьстина дуккха хаа лууш кхин цхьа хаттар а хуьлу.

Цу хаттаро хьехайо, дуьнена йоккха политика а, цу политико вайн къомана дуьненчохь къастош йолу меттиг а. Хетарехь, оцу хаттарна жоп лучохь, вай билгала даккха деза цу политико, нохчийн къомаца шен кхайкханза болу т1ом беш дикка хан йуйла. Цу т1еман билгалонаш ю, цу йоккхачу политико Нохчийчохь Россис мел деш долу зуламаш реза хуьлуш т1еоьцуш хилар. Нагахь иза цу тайпа цахиллехь, Росси х1уттур а яцара, вайн къомаха б1е эзарнаш х1аллак бан, Нохчийчоь сел къиза ишта хьаша а. Амма иза дац, тахана вай оцу йоккхачу политикана а дуьхьала т1ом кхайкха бан беза бохург. Т1аккха-м вай и зуламе политика дуьненчохь леллочу паччахьалкхашна гуттаре а ч1ог1а аьтто боккхур бара, вайн къам цаьрга ц1енна х1аллакдайта.

Т1ехула т1е, вай жима къам а ду и тайпа т1емаш цаьрга кхайкхабан. Ткъа вай, мел доккха къам хилча а, вайн къоман амалца а, цуьнан дуьнене болучу хьежамашца цхьана дог1уш хир дацара и санна дерг. Х1унда аьлча, нохчаша, шайн исторехь а цхьанна а меттехь лелийна дац, кхечу мехкан латтанаш а, кхечу къаьмнийн бахамаш а къийсар.

Вайн къомо даима а, арахьарачу мостаг1чуьнца къуьйсуш ларйинарг шен маршо ю. Цу маршонан новкъахь, х1окху дуьненчу цхьанна а къомо цагайтиначу аг1ора, шегара лаам а, доьналла а, хьуьнар а гайтина цо.

Шена цу т1ехь, цкъа а орцаха долуш цхьа къам а, паччахьалкхе а йоццушехь. Уьш орцах вайна цадовлар вай хьеха а цадора, мелхо а, вайха летачу мостаг1ачунца, гергаллонаш леладеш схьа дог1уш ду и къаьмнаш а, паччахьалкхаш а. Ткъа царна хиънехь, вай къуьйсучу маршонца цхьана йоьзна яра церан парг1ато а, аьттонаш а. Цундела х1инцачул т1аьхьа, оцу вайн маршонна новкъа цхьана т1амца д1аг1иртина ца1аш, собарца, х1илланца, вайн къоман цхьааллийца а, д1а г1ерта деза аьлла хета вай. Иштачохь вайна коьрта 1алашо хила еза, яккхийчу паччахьалкхаша шайлахь къуйсучу т1еман а, геополитикан а, къовсамашна юкъе цаг1ерта. Схьах1уьттучу суьртаца тера ду, и паччахьалкхаш ишта я вуьшта, хьалха я т1аьхьа вовшашна коча яха г1ерта. Нагахь иза вай бохучунна т1едодахь, оцу паччахьалкхаша вовшашна беш болу эшам а, бохам а, Нохчийн къоман толам а, маршо а, хуьлуш д1анислур ду иза шадерг а. Вай къомана зен-зулам мел диначуьнга барт-хаттам бан вайн йиш а хир ю т1аккха.

Кхин д1а дерг, вай мел дийцарх а, къийсарх а вайна хиъна чекхдевла х1уманаш ду. Ишта вайна х1инца хаьа, Нохчийн ц1ий кху дуьненна уггаре а йораха хеташ ц1ий дуйла а. Вайна ишта хаьа, дуьнечохь къаьмнашна юккъехь лелаш йолу бакъонаш, нохчий къомана язйина йоцийла а.

Баркалла хаттараш дарна. Дала 1алаш дойла вай.

АЛЛАХ1У АКБАР!

Нохчийн Парламентера хаам бовзийтинарг, парламентан прессан-къепе.

 

 

 

 

назад форум печатать

 

 

Поиск
Google Чеченпресс
ПнВтСрЧтПтСб
Вс
1 2 3 4 5 6
7 8 9 10 11 12 13
14 15 16 17 18 19 20
21 22 23 24 25 26 27
28 29 30 31
 
 «Я не выдавал национальные секреты»
 «Каков поп, таков приход»
 Жизнь и творчество в жертву всемогущей психиатрии?
 Кто выбрал путь предательства?
 Чеченские беженцы взывают о помощи
 Мирная Чечня глазами чеченки
 Кто уничтожил русских в Чечне?
 Ренессанс Павликов
 Швеция принимает оборонительные меры против России
 А.Закаев: «Меня не радует, когда чеченцы убивают чеченцев»
 Вот тебе, бабушка, и Медвежья оттепель!
 Пресс-релиз Министерства Информации Печати и Связи ЧРИ №14
 Памяти героев Сопротивления
 Красная зона – 3
 Маленькая победа над большим злом
 А.Закаев: Неотвратимость возмездия защищает от преступлений
 Глас вопиющего в пустыне
 Для чего нужны ваши структуры?
 Кандальный патриотизм
 «Бывают и хуже, но нет подлее…»
 Путинско-медведевские политзэки: пытки и незаконные аресты продолжаются
 Мухаммед Джихад: «Мы будем говорить о результатах»
 От Совета Европы ждут ответа
 Бенойский кинобиеналле
 «Чеченизация» Ингушетии
 «О мертвых – правду»
 Они считали себя чекистами
 Обесценивание прав человека
 Пресс-релиз Министерства Информации Печати и Связи ЧРИ №13
 Как «обнаруживают» следы своих преступлений
 Красная зона
 «Пора вспомнить, что мы – единый народ!»
 Предисловие к книге Виктора Рабаева «О Чечне и России, о чеченцах и о себе»
 «Вы про который Буденновск?..»
 Тайное и явное. О 10-летних чеченских «террористах»
 Куда летит паровоз?
 «Если нечестивый будет помилован…»
 Мы против открытой и скрытой пропаганды наркозависимости!
 Интервью с Министром информации, печати и связи ЧРИ Ильясом Мусаевым
 Интервью с Государственным министром ЧРИ Яраги Абдуллаевым
 Пресс-релиз Министерства Информации, Печати и Связи ЧРИ
 По ком звонит колокол – 2
 Усман Ферзаули: в Чечне не осталось русских колонистов, но есть факт оккупации
 Интервью с начальником Департамента по спорту КМ ЧРИ Русланом Тахаевым
 «Богоносное» быдло созрело – можно говорить правду
 Президент сменился – беспредел продолжается
 Заявление Правительства ЧРИ
 Незаконнорожденные против памяти
 Иса Мунаев: «Враги чеченского народа и государства ответят за все!»
 Хроника российского зазеркалья
 Петрас Гражулис: «У чеченцев есть надежда на благополучное будущее»
 Пиджак раздора
 Рейдерская атака Кремля на музей Сахарова
 А преступники кто?
 Попал под каток?
 Пресс-релиз Министерства Информации, Печати и Связи ЧРИ
 За фасадом большой политики
 Главой ФСБ стал человек, руководивший убийством Литвиненко?
 Вопросы к Борису Вишневскому в связи с его статьей «Куда нам плыть?»
 «Медведопутан…»
 Ахмед Закаев: «Сплетники и клеветники не остановят нашу работу»
 Чеченская государственность и российское лицемерие
 Рабочее совещание членов Кабинета Министров ЧРИ в Лондоне
 Компрометирующие Шариат
 Конференция в Лондоне
 «Ну, и влип же ты, Дима!»
 «Стамбул-Москва, Юстас Алексу…»
 Война и мир сегодня
 «Договор с рабами не стоит бумаги…»
 Двуликий Янус российской политики
 Пресс-релиз Министерства Информации, Печати и Связи ЧРИ
 Откртое письмо Президенту Украины (от американских граждан)
 Каждому по мавзолею
 Гудермесский тандем
 «Дело Лепиева» и нравственный авторитет западной цивилизации
 Право на жалобу
 Обращение международных правозащитников к Президенту Азербайджана
 Пора положить конец клевете
 Криминальный сектор российской психиатрии
 Ротация клещей
 Конь в Сенате
 Пресс-релиз Министерства Информации, Печати и Связи № 09
 Ахмед Закаев: «Я действительно верю в хорошие перемены»
 Родина – мать чурки
 Доклад М.Тарамова на Конференции в Вильнюсе
 Россия, не воюй с мертвыми
 Чекистский суверенитет Чечни
 Наш фашизм
 Лицензия на убийство
 Подвиг Президента
 Акция МА «Мир и права человека» в Страсбурге
 «Ичкери Кьенти – дни испытаний»
 Завет Джохара
 Православный чекизм в Татарстане
 Тюремщики против правозащитников
 Предликвидационные разоблачения
 Героическое стадо
 «Не обратил ли Бог мудрость мира сего в безумие?»
 Юсуф Ибрагим в зеркале китайской мудрости
 Пресс-релиз Министерства информации, печати и связи ЧРИ
 Конференция в Анкаре
 Расширенное совещание Парламента и Правительства ЧРИ
 Захваты заложников оккупантами в Чечне
 Сообщение пресс-службы МА «Мир и права человека»
 Российско-Чеченская война (VIII)
 «Там, где жгут книги, жгут в итоге и людей»
 Российско-Чеченская война (VII)
 Протест против беззакония
 Кургузов и Пустота
 Российско-Чеченская война (VI)
 Российско-Чеченская война (V)
 Президенту РТ М.Ш. Шаймиеву
 Открытое письмо-протест
 Российско-Чеченская война (IV)
 Кидальщики
 Российско-Чеченская война (III)
 Генпредставительство ЧРИ провело совещание
 Российско-Чеченская война (II)
 Российско-Чеченская война
Приговоренные к бессудным казням
Долг лидеров – сплачивать, а не разъединять
А. Закаев: «Правильно сформулированная задача найдет правильное решение»
«Курицы вы, больше никто!»
Парламент ЧРИ утвердил зарубежных Представителей ЧРИ
Обращение Председателя Кабинета Министров ЧРИ Ахмеда Закаева
Заявление Министра Иностранных Дел ЧРИ
Распоряжение Председателя Парламента ЧРИ
А.Закаев: «Проект «Эмират» - это спецоперация ФСБ РФ»
Аслан Масхадов – 10-летие выбора чеченского народа
Ваха Арсанов: смерть и бессмертие
Высокопоставленный «оборотень»
«Там был ад»
Геноцид. Аналитическая записка Минздрава ЧРИ
  Наверх

Copyright © 2001 Государственное Информационное Агентство "ЧЕЧЕНПРЕСС".
При полном или частичном копировании материалов сайта ссылка обязательна. Мнения авторов могут не совпадать с мнением редакции сайта "ЧЕЧЕНПРЕСС". Замечания и пожелания Вебмастеру: адрес