| Обращение мусульман мухаджиров из Чечни проживающих в Европе CHECHENPRESS, 02.11.2007 г. В радакцию Чеченпресс поступило обращение мусульман мухаджиров из Чечни, которые обратились в Шариатской Комитет при Генпредставительстве ЧРИ.
БисмиЛлах1ир Рахьманир Рахьим.Алхьамду лиЛЛах1и раббил 1аламина Вассалату вассаламу 1ала РасулиЛЛахь.Амма ба1д.
Ассаламу алейкум варахьматуЛЛах1и вабаракатухьу. Х1ар кехат оха европехь мел болу х1уман сагатдеш берш дагах девла цхьан ойланца цхьа барт хиларца яздеш ду шуга тха вежари.Цу юккъехь бу Норвегехь берш а Австрехь берш къастина дехар деш . Вай буьйцарш вай вежри бу шун дела дин сагатт.а деш берш.Оцу д1акхайкхо деза алла билгал делла долу х1умнах бу х1ара кхайкхам дехар.Имамат кхайкха яр ду вай дуьйцург. 1илма долчу вай вежарша а суннатац нис ца хуьл и вай оле билгал доккху оцу хаттарца долу хьал. Вай веша махкахь дерг листна доцуш веш къом юкъар хьал нис дина доцуш къечу къаьмнашна кхечу мехкашкара хьал нис дар вайгахь хьалхе са хуьл.Амма цу къаьмнаш юккъер вежри вайн улле хиттина къахьегар из доккха ни1мат хилар цунах кхеташ ду вай.Пайхамар \1.с.в\ ше къам ислам дине деан оцу ше къомо бусулба пачхьалкхе йича Мединатехь цул т1ехьа бе кхечу махкашца долу хьал нисдар хилла дац.Цул совнах Пайхамар \1.с.в\ къинхьегам бечу хенахь ше куьга бухахь мохк болш хьал хилла.Ткъа вай хьал вайна гуш ду.Иштта Пайхамар \1.с.в\цхьа хан яхьни хаа вайна дин къайла кхайкхош къайлах лелош.И хили дезарг а хила еза ойла ше я а йолуш амма массо нахан и билгал деккхин д1аца кхайкхош.И нийса дерг и хила дезаш дерг и ц1еннарг лар дар бе 1алашо ца хилла цигахь.И дерриг дала 1амийна ду вай Пайхамарна \1.с.в\.И цхьан хенахь нахе массаьрга д1а ца кхайкхин хил долу ц1еннарг ду х1ара вайна тахана луург амма цу хенахь сан и ц1еннарг лардеш вай Пайхамар сан \1.с.в\ и массо нахе д1акхайкхо дез хан кхаччалц 1а дези те вай аьлла оцу т1ехь тидам ба лууш ду хьар дехар. Ц1ераш йохуш х1ум лело ца лаар амма х1ар цхьа ц1е ца яккхича хал хуьлу дийца.Х1ар гуллакх сих да лууш верг Мовлади ву бах массара .Цхьа хьадис дала до "Дик бусуба стаг цхьан 1ургар шоз къовзор вац алла " Оцу хьадисах нийса кхетар доху оха.Вай вежари хиларна тхай ойла,х1окх дехарца д1акхачо лууш яздо оха шуга х1ар кехат. Дала т1аьхье беркате йойла вай.ВалхьамдулиЛЛах1и рроббил1аламина.
|